МКУ "Дворец культуры г. Аргун"

Вина де Устрада-Г1алин культурин декъан куьйгалхочун Заурбеков Бувайсаран Зеламхин

Маршалла ду шуьга, доттаг1ий!

Тахана вина де Устрада-Г1алин культурин декъан куьйгалхочун Заурбеков Бувайсаран Зеламхин. Устрада-Г1алахь культуран урхалле веанчу к1еззигчу хенахь цуо ша гайтина пох1ма долуш,  лаккхарчу говзаллица а, г1иллакх-оьздангаллица, ларам, тешам, яхь, доьналла хиларца а. Цуьнгара х1ора денна а масал оьцу цуьнан белхан накъосташа.

Лераме Бувайсаран Зеламха, оха даггара декъалво хьо виначу денца. Лаьа хьо даим а могаш-маьрша волуш,хьайн гергарчийн а,доьзалан а,доттаг1ийн а вуон ца гуш,ирс аьтто болуш вехийла! Хьайн къинхьегамехь баккхийчу кхиамашка кхачавойла хьо везачу Дала! 

Х1инццалц санна,тешаме доттаг1 а, дика накъост а, массаьрца а г1иллакхе-оьзда ву аьлла хьайн йоккхуш йолу ц1е дерриге а дахарехула д1ахьойла ахь!

        Лаккхара сий-лерамбарца, хьан белхан накъостий.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *